Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со йижина ю, амма сан дог сема ду. Сан везарган аз ду хезаш, цо неІ етта: «ДІаелла суна неІ, сан йиша, сан хьомениг, сан къоркхокха, сан дашониг! Сан коьрта тІехь тхи ду, сан месаш тІехь буьйсанан тІуналла ю». Иштта, и хІуманаш кхочушхуьлуш шайна гича, хаа ду шуна Адамийн КІентан зама герга юйла а, Иза неІарехь вуйла а. Иштта сема хилалаш! ХІунда аьлча шуна ца хаьа хІусаман да цІа маца вогІур ву, суьйранна, я буьйса юккъе яхача, я нІаьний кхойкхучу хенахь, я сатосуш. зуда ялийначу сакъера ваханчуьра шайн хІусамда цІа варе хьоьжучу ялхойн санна. ХІусамдас, цІа а веана, неІ тоьхча, цунна иза оцу сохьта дІаелла кийчча хир бу уьш. Ас олалла ло шуна, Сан Дас иза Суна ма-даллара.
Выбор основного перевода