Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо дохийнарг юхаметтахІотталур дац, Цо чувоьллинарг паргІатвер вац. Даудан тІаьхьенах волчу паччахьан цІийнан догІа цуьнан кара лур ду Ас. Цо неІ дІаястахь, цхьаьнгге а иза дІакъовлалур яц. Цо неІ дІакъовлахь, цхьаьнгге а иза дІаясталур яц. Иза сийлахь хир ву, Цунах Веза Воккхачун КІант эр ду. Везачу Дала Цунна Цуьнан ден Даудан паччахьалла лур ду, Цунна дуьхьал Іийсас элира: «Со бу шуна некъ а, билггал долу бакъдерг а, дахар а. Цхьа а ца воьду Дена тІе, Соьгахула бен. Далла тешаме Верг а, Делан лаамехь Верг а тІе ца оьцуш, стаг вийна зуламхо кІелхьарваккха аьлла, дийхира аша. Иштта вайна хаьа, Делан КІанта, ван а веана, кхетам ваьшна беллийла, билггал бакъволу Дела вайна вовзийтархьама. Ткъа вай, бакъволчу Делаца хилла а ца Іаш, Цо леррина къобалвинчу Цуьнан КІантаца Іийсаца а ду. Иза ву билггал бакъволу Дела а, бакъдолу дахар а! Со ву дийна Верг. Со велла вара, амма хІинца Со ерриг а тІейогІучу заманна дийна ву. Сан карахь ду Іожаллин а, эхартан а догІанаш.
Выбор основного перевода