Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Шен дераллица уьш чІогІа кхерийна, Цо, оьгІаз а вахана, цаьрга дІахьедийр ду: ХІунда аьлча дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна, хІара хан тІекхаччалц, цхьанна а гина а боцу, я кхин цул тІаьхьа гун а боцу боккха баланаш гур бу нахана. Собаре хилахь, шайн синош кІелхьардохур ду аша». Ткъа вай хІинца ваьшна гуш доцучуьнга сатуьйсу, собар хиларца ла а доьгІуш. Ткъа хьалха яздина мел долу хІума вайна хьехамна яздина ду, Делан Йозанаша вайна лучу доьналлица а, иракарахІитторца а вешан сатийсар хилийтархьама. Шуна тІедеана долу зер массо а адамна тІехІуттуш дерг бен дац. Ткъа Дела тешаме ву, аша ловр доцург лур дац Цо шуна. Амма шу зуьйш долчу хенахь, тІехІотта онда бух лур бу Цо шуна, иза лан шун ницкъ хилийтархьама. Зуламех вуьзна волу и стаг гучуваьлча, иблисо цуьнгахула лелочу ондачу ницкъаца массо а тамашийна харцйолу билгалонаш а, Іаламаташ а гойтуш лелар ву иза. Нагахь санна вай баланаш ловш делахь, Цуьнца цхьаьна паччахьалла деш а хир ду вай. Нагахь санна вай Цунах дІакъастахь, тІаккха Иза а вайх дІакъаьстар ву. Шуна собар оьшу, Делан лаам кхочуш а бина, шайна лур ду аьлларг схьаэца. Сан вежарий, доккха хазахетар санна ларалаш тайп-тайпана зераш шайна тІе мосазза хІуьтту. Декъалвина ву зенашна садеттарг, хІунда аьлча иза зийначул тІаьхьа, ял санна, хедар доцучу дахаран таж лур ду цунна Ша везачарна иза лур ду аьллачу Везачу Эло. Ша зуьйш волчу хенахь стага ма баха: «Дала со зуьйш ву». Вочу хІуманца Дела зелур вац, ткъа Цо Ша цхьа а ца зоь. Амма хІора а шен харц лаамаша зуьйш ву, цара иза, Іеха а вой, дІалоцу.
Выбор основного перевода