Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан кІант, Везачу Эло хьо нисвар дІа ма татта, Цо хьайна дечу таІзарна аьрзнаш а ма де, хІунда аьлча Шена везаш верг нисво Цо, дас шена дукхавезаш волу кІант нисваре терра. Ткъа вайна тІехь Цо кхел еш хилча, вай нисдеш долу таІзар хуьлу вайна, дуьненах кхечаьрца цхьаьна вайна кхел йина ца хилийтархьама. Делан кІентий долчу шуьга, шу иракарахІиттош, аьлла дешнаш диц-м ца делла шуна? «Сан кІант, Везачу Эло хьо нисварх ца вешаш ма хила, Цо хьайна дечу таІзарна гІайгІане а ма вожа. ХІунда аьлча Шена везаш верг, таІзар а деш, нисво Везачу Эло. Ша тІеоьцуш волчу кІантана етта а етта Цо».
Выбор основного перевода