Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха а баьхкина, Іийсах тешачийн тоба а гулйина, дийцира цара Дала шайгахула диначух а, Цо Шех тешаран неІ кхечу къаьмнийн нахана схьаелларх а. Суна дуьхьалбевлларш дукха белахь а, хаза кхаъ дІакхайкхо кхузахь йоккха а, шуьйра а неІ дІайиллина ю суна. Иштта тхуна тІера а доІанаш де Деле, Цуьнан дош дІакхайкхо а, Цо леррина Къобалвинчух лаьцна йолу Цуьнан къайле дІайовзийта а тхан аьтто бар доьхуш. И къайле дІакхайкхор бахьана долуш, ву со набахтехь. „Суна евза шун халонаш а, шун къоьлла а, делахь а шу-м хьал долуш ду. Иблисан гуламах болчара, шаьш Делан нах болчу жуьгтех боццушехь, царах ду бохуш, шух лаьцна дуьйцу вон хабарш а Суна хууш ду. Шаьш лан дезар долчу цхьана а хІуманах ма кхера. Иштта, шу зерхьама, шух цхьадерш иблисо набахти чу даладойтур ду. ТІаккха иттех дийнахь баланаш ловр бу аша. Шаьш делла дІадовллалц тешаш хилалаш, тІаккха Толаман таж санна, Аса шуна хедар доцу дахар лур ду. Лергаш долчо ладугІийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Толам баьккхинчун шолгІа валар хир дац’“». «Паргам-гІаларчу динан тобанан малике а дІаязде: Иштта боху Шен карахь шинна а агІор ира долу тур Долчо: „Девза Суна иблисан олаллин гІантана гонах шу дехаш хилар. Аша Сан цІе ларамехь а лелийна, Сох долу шун тешар дІа а ца даьлла, ур-атталла иблис дехаш долчу шун гІалахь Сан тешаме теш волу Антапи вийначу хенахь а.
Выбор основного перевода