Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІеначу деших экъа е. Цу тІехь, мухІар тІехь санна, язде: „Везачу Элана къобалдинарг“. Сайн цІа чохь а, цуьнан пенаш юккъехь а дагадоуьйтийла дІахІоттор ю Аса, ткъа нехан кІентий а, мехкарий а дуьнен чу бовлучул а дика хир ю иза. Абаденналц йолу а, хедар йоцу а цІе лур ю Ас царна». Халкъашна хьан нийсо гур ю, массо а паччахьашна – хьан сийлалла. Хьуна керла цІе туьллур ю, Везачу Элан багара схьаер ю и цІе. ГІалина гонах йолу меттиг йохалла юьстича, ерриг а берхІитта эзар дол хир ю. Ткъа оцу дийнахь дуьйна цу гІалин цІе, „Цигахь Веза Эла ву“ аьлла, хир ю». Дала и Шен дика суна а деллий хиъча, Іийсах тешаш болчу наха шайн гІортораш лоруш болчу Якъуба а, Кипас а, Яхьъяс а соьга а, Бар-Наабе а доттагІаллин куьг кховдийра. Цара барт бира, уьш жуьгташна хаза кхаъ кхайкхош баха беза, ткъа тхо иза кхечу къаьмнашна кхайкхош даха деза аьлла. Ткъа вайн нана санна лоруш йолу стигалшкара Ярушалайм паргІат ю. Цундела Дала Иза вазвира, уггар а лакхарчу даржехь Иза дІа а хІоттийна,
Выбор основного перевода