Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь массо а ницкъийн Везачу Эло цхьаболу дийна биснарш вайна битина ца хиллехь, вай Седам-гІала санна хир дара, Іамор-гІаланах дІатарлур дара. «Со хьоьжучу хенахь паччахьан гІанташ дІахІиттийра. Цу гІантех цхьанна тІе Хенара Къано охьахиира. Цуьнан духар, ло санна, кІайн дара, ткъа Цуьнан коьртара месаш цІеначу кхакхана тІера чоьш санна яра. Иза тІехиъна гІант цІеран алу санна дара, цуьнан чкъургаш летта цІе яра. Хенара Къано схьаваллалц. ТІаккха, Веза Воккхачу Дала кхел яр дІаделира Шен нехан кара. Цул тІаьхьа паччахьалла Делан нахе кхочу хан тІееара. Ткъа паччахьалла а, олалла а, ерриге а стигална кІел йолчу пачхьалкхийн сийлалла а дІалур ду Веза Воккхачу Делан болчу нехан къоман кара. Делан паччахьалла абаделлалц долу паччахьалла ду. Массо а олахой Цунна Іибадат деш а, муьтІахь а хир бу“. Іийсас цаьрга элира: «Баккъалла а боху Аса шуьга: керла дуьне дІа а хІоттийна, Адамийн КІант Шен сийлахьчу паччахьан гІанта тІе охьахуун волчу хенахь, Суна тІаьхьахІиттина шу а цигахь хир ду. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу шийтта паччахьийн гІанташна тІе охьаховшур ду. Сан Олалла долчохь дууш а, молуш а хир ду шу Сан стоьла тІехь. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу паччахьийн гІанташна тІе охьаховшор ду Ас».
Выбор основного перевода