Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан гІуллакхашка а, цаьргара даьллачу вочуьнга а хьажжий, кхел ехьа царна. Церан куьйгийн балхе хьажжий, ял лохьа царна, хьакъ дерриг юхалохьа царна. безам а, Хьалдолу Эла, Хьан бу. Ша-ша динчу гІуллакхашка хьаьжжина, Хьо хІоранна а доггІург дІалуш ву. «Цунах лаьцна ца хаьара тхуна», – ахь алахь, дегнаш Зуьйшволчо оцу хІуманан тидам ца бо те? Хьан дахар лардеш Волчунна и хІума дика хууш ду хьуна! Ша динчу гІуллакхашка хьаьжжина, стагана доггІург дІалур ду Цо Цара динчуьнга хьаьжжина, Цо Шена дуьхьалбевллачарна дералла гойтур ю, мостагІашна бекхам бийр бу, хІордан йистерчу халкъашна а царна доггІург дІалур ду. Амма Веза Эла волу Со цуьнан даг чохь дерг хаа йиш йолуш ву, цуьнан тешар зен йиш йолуш а ву, цу нахана царна доггІург дІадалархьама». Жоьжахатин цІергахь Іазапехь воллуш, дІахьаьжначу хьолахочунна геннахь ИбрахІим а, цунна уллохь ЛаІзар а гина. Цец ма довлалаш цунах, хІунда аьлча тІейогІуш ю и зама, кешнаш чохь болчу массарна а Делан КІентан аз хезар долуш. ТІаккха, ден а белла, арабевр бу уьш. Царах дика гІуллакхаш динарш Дела волчохь хедар доцучу дахаре гІур бу. Ткъа шайн дахарехь вон гІуллакхаш динарш шайна кхел яйта денлур бу.
Выбор основного перевода