Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Дала кхоьллинчу акхарошна юкъахь уггаре а хІилла долуш лаьхьа бара. Цо оцу зудчуьнга элира: «Бакъ дуй и, хІокху бешара цхьанна а дитта тІера Дала шуьга стом ма баа аьлла бохург?» Везачу Эло соьга Шен Маликана хьалха лаьтташ волу коьрта динан да волу ЮшаІ а, иза бехкевархьама цунна аьтту агІор лаьтташ долу шайтІа а схьагайтира. ХІунда аьлча къинош летийначу маликашна а геч ца дина Дала. Жоьжахатин бодашка хьовсийна Цо уьш, царна тІехь кхел яллалц, уьш цигахь буржалш а тоьхна дита. Иштта шуна дагадан деза, шайн даржана реза ца хилла а, шайн хІусам дІатесна а долу маликаш, гуттаренна а йолчу ханна буржалш а тоьхна, боданехь латтадо Цо доккхачу къематдийнахь кхел ярхьама. ПхоьалгІачу малико а лекхира турба. ТІаккха стигалара лаьтта охьабоьжна седа гира суна. Цу седанан караделира бух боцучу Іинна тІебоьдучу некъан догІа. И боккха саьрмик Лаьтта охьатесира. Иза массарна а бевзаш болу шира лаьхьа бара. Цунах иблис а, Делан мостагІа а олу. Цо дерриг а дуьне Іехадо. Цуьнца цхьаьна цуьнан маликаш а лаьтта охьатийсира.
Выбор основного перевода