Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Дала кхоьллинчу акхарошна юкъахь уггаре а хІилла долуш лаьхьа бара. Цо оцу зудчуьнга элира: «Бакъ дуй и, хІокху бешара цхьанна а дитта тІера Дала шуьга стом ма баа аьлла бохург?» Оццу хенахь Везачу Эло йохо йолийра гІаланаш Седам а, Іамор а, стигалара цІе а, саьнгал а чу а хецна. Іесачарна тІе догуш долу кІегий а, саьмгал а, догІа санна, охьаІанор ду Цо. Чахчо мох а церан кхоллам хир бу. Дукха хенахь дуьйна Тупат цІе йолу меттиг кечйина ю, цигахь цІе латорхьама. И меттиг Ашуран паччахьна лерина ю. Иза кІорга а, шуьйра а ю. Цу цІерга туьллуш алссам дечиг ду, иза йоккха хилийта. Везачу Эло мох тоьхча, саьмгал санна, хьалалетар ю иза. Ас цунна таІзар дийр ду уьнца а, цІийца а. Ас цунна а, цуьнан эскарна а, иштта цуьнца цхьаьна долчу дуккха а къаьмнашна а тІе массо а хІума къайладоккхуш долу догІа доуьйтур ду, къора а тухуьйтур ю, цІе а, саьмгал а хьажор ду Ас цунна тІе.
Выбор основного перевода