Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эли-ЯхІус жоп делира цуьнга: «Со Делан стаг велахь, стигалара цІе а йоьссина, хьо а, хьан тІемалой а дІакхоллийла цо». Юха, стигалара цІе а йоьссина, оцу цІеро тІемалойн хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тІемало а дІакхаьллира. Ас цунна таІзар дийр ду уьнца а, цІийца а. Ас цунна а, цуьнан эскарна а, иштта цуьнца цхьаьна долчу дуккха а къаьмнашна а тІе массо а хІума къайладоккхуш долу догІа доуьйтур ду, къора а тухуьйтур ю, цІе а, саьмгал а хьажор ду Ас цунна тІе. Везачу Эло боху: ‹Ас МагІогІ-махкана тІе а, хІордан йистехь кхерам боцуш дехаш долчу адамашна тІе а цІе хьажор ю. ТІаккха царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла. Ас хашадхой гІовттор бу, къиза а, эргІада а долу и халкъ. Уьш лела лаьттан аре мел ю, нах Іаш йолу шайн йоцу меттигаш шайн дола яхархьама.
Выбор основного перевода