Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Со хьоьжучу хенахь паччахьан гІанташ дІахІиттийра. Цу гІантех цхьанна тІе Хенара Къано охьахиира. Цуьнан духар, ло санна, кІайн дара, ткъа Цуьнан коьртара месаш цІеначу кхакхана тІера чоьш санна яра. Иза тІехиъна гІант цІеран алу санна дара, цуьнан чкъургаш летта цІе яра. И летта йогу цІе Цуьнан хьалхāхула, доьду хи санна, арайолура. Багар а балур боцуш, эзарнашкахь дукха бара Цунна хьалхара гІуллакхаш дийраш. Эзарзза эзарнаш долу адамаш дара Цунна хьалха лаьтташ. ТІаккха кхел йийраш шайн болх боло охьахевшира, тептарш дІаделладелира. «Ткъа Адамийн КІант Шен сийлаллица веача, Шеца массо а маликаш а долуш, Иза Шен стигалийн сийлаллехь охьахуур ву Шен паччахьан гІанта тІе. ТІаккха массо а халкъаш Цунна хьалха схьагуллур ду. Цо уьш, жаІуьно уьстагІий гезарех санна, дІасакъастор ду. УьстагІий Цо Шена аьтту агІор дохур ду, гезарий – аьрру агІор. Паччахьо Шена аьтту агІор болчаьрга эр ду: „Сан Дас декъалдинарш, шу тІедуьйла! Дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна схьа шайна кечдина, Сан Олаллехь долу дахар дІаэца. Иза шуна деш долу совгІат ду, хІунда аьлча Со меца волчу хенахь аша Суна яа хІума елира, Со хьогах волчу хенахь аша Суна мала хи делира. Со араваьлла лелачу хенахь аша Со тІеийцира. Со тІехь беркъа волчу хенахь аша Суна тІеюха хІума елира. Со цомгуш волчу хенахь аша Сан дола дира. Со набахтехь волчу хенахь шу Со волчу тІаьхьадаьхкира“. ТІаккха Делан лаамехь болчара Цуьнга эр ду: „Веза Эла! Хьо меца а волуш, оха маца елла хьуна яа хІума? Хьо хьогах а волуш, оха маца делла хьуна мала хи? Хьо араваьлла лелачу хенахь оха маца эцна хьо тІе? Хьо беркъа ваьлла лелаш, оха маца йоьхна хьуна тІе хІума? Хьо тхуна маца гина цомгуш я набахти чохь? Тхо маца ихна тІаьхьа?“ Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: гІо оьшучохь хІокху Сан вежаршна, царах уггар ледара волчунна а, аша мел динарг Сан дуьхьа дина ду шуна“. ТІаккха Шена аьрру агІор болчаьрга эр ду: „Гена довла Суна, Делан неІалт хилларш! Иблисаний, цуьнан харцмаликашний кечйинчу жоьжахатин цІера юккъехь ю шун меттиг. ХІунда аьлча Со меца волчу хенахь аша яа хІума ца елира, Со хьогах волчу хенахь мала хи ца делира. Со араваьлла лелачу хенахь аша Со тІе ца ийцира. Со цомгуш волчу хенахь, я набахти чохь воллучу хенахь аша Сан терго ца йира“. ТІаккха цара Цуьнга эр ду: „Веза Эла! Тхуна хьо маца гина меца а, хьогах волуш а, я араваьлла лелаш? ТІехь беркъа волуш а, могуш воцуш а? Тхуна маца гина хьо набахти чохь? Тхо маца Іийна Хьан гІуллакх ца деш?“ ТІаккха Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: аша гІо оьшучохь Сан цхьанна а вешина гІо ца дина, царах уггар ледара волчунна а, иза Суна ца дина аша“. ТІаккха уьш цкъа а хедар доцучу таІзарехь хир бу, ткъа Делан лаамехь берш хедар доцучу дахаре кхочур бу». Иза гина болу Эрзийн хІорд юхабедира, Йордан-хи а юханехьа доладелира. Дегаде, латта, Везачу Элана хьалха, Якъубан Далла хьалха дегаде. ТІаккха ша дерриге а цхьана этира: эчиг, поппар, цІаста, дети, деши, аьхкенан хьаьттахь йолу чан санна, хилира. Мохо ядийра уьш, хилла лар а ца йисира царех. Ткъа и цІу вохийна болчу тІулгах боккха лам хилира, доллу латта а дузуш. Нахана ца хууш вогІу къу санна, догІур ду Везачу Элан де, тІаккха гІовгІанца стигалш къайлаевр ю, стигалахь мел хуьлуш дерг, серла а даьлла, догур ду, латта а, дерриг а цу тІехь дерг а, даьгна, дІадер ду. Делан де тІекхачаре сатуьйсуш а, и тІедар сихдеш а ду шу. Цу дийнахь цІе летта йолу стигалш юхур ю, стигалахь мел дерг, догуш, дешар ду.
Выбор основного перевода