Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха а элира Іийсас нахе: «Со дІавоьду, ткъа аша лоьхур а ву Со, шайн къиношца лийр а ду шу. Со воьдучу шу дахкалур дац». Ас аьлла-кх шуьга, шу шайн къиношца лийр ду, хІунда аьлча, нагахь Суо Верг Со хиларх шу ца тешахь, шайн къиношца лийр ду шу». Ткъа валар уггаре а тІаьххьара мостагІа санна хІаллакдийр ду. «Іожалла, мичахь бу хьан толам? Мичахь ю, Іожалла, хьан ю?» Со дІахьаьжча, сира дин гира суна. Цунна тІехиъна «Іожалла» цІе йолу бере вара, шена тІаьхьахІоьттина эхарт а долуш. Царна бакъо елира Лаьттарчу адамийн доьалгІа дакъа туьрах а, мацаллех а, цамгарех а далийта а, иштта Лаьттарчу акхарошка уьш даийта а. Ткъа кІиллойн а, Іийсах тешар доцучеран а, вон болчеран а, адам дийначеран а, сийсаза лелачийн а, бозбунчийн а, харцделанашна Іамал еш болчеран а, массо а харцлуьйчеран а дакъа хир ду цІарах а, саьмгалх а богучу Іам чохь. Иза шозлагІа валар ду».
Выбор основного перевода