Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна хууш ду со Бехказавоккхург дийна вуйла а, Иза тІаьххьара а лаьтта тІехь дІахІуттур вуйла а. ХІинца, динан вежарий, айса хьехна болу хаза кхаъ шуна дагабаийта лаьа суна. Шу, иза тІе а эцна, цу тІехь дІахІиттира. Цу хазачу кхоэхула шу а кІелхьардохуш ду, нагахь аса кхайкхийна кхаъ ма-бохху аша ларбахь. Иза кхечу тайпана хилча, шу цунах эрна тешнера. ХІунда аьлча аса тІеэцна болу а, шуна дІабелла болу а уггар коьрта хьехам иштта бу: Делан Йозанаша ма-аллара, Дала леррина Къобалвинарг вайн къиношна тІера велла. Иза дІа а воьллира, ткъа кхозлагІчу дийнахь, Делан Йозанаш тІехь яздина ма-хиллара, ден а вира. Цул тІаьхьа Иза, Кипина а, тІаккха шийтта векална а хьалха веана, дІахІоьттира. Цул тІаьхьа Иза цхьана хеннахь пхеа бІеннал сов болчу динан вежаршна хьалха дІахІоьттира. Царах дукхахберш хІинца а дийна бу, ткъа цхьаберш дІа а кхелхина. ТІаккха Иза, Якъубана хьалха а веана, дІахІоьттира. Цул тІаьхьа, массо а векалшна хьалха а веана, дІахІоьттира Иза. Уггар а тІаьхьа, хеназа дуьнен чу даьлла бер санна волчу суна хьалха а веана, дІахІоьттира Иза. Ткъа векалех уггаре а кІезигниг волу со-м векал ву ала хьакъ долуш а вац, хІунда аьлча Делан долахь йолу, ерриге а Іийсах тешначийн тоба хІаллакьян тІаьхьаваьлла леллера со. Амма Делан дика бахьанехь хІинца со волуш верг хилла сох. Ткъа суна лерина Цуьнан дика а эрна ца хилла. Аса цара массара а хьегначул сов къахьегна. (Бакъду, иза аса ца динера, соьца долчу Делан дикано динера.) Иштта, иза я со велахь а, я важа векалш белахь а, оха массара а шуна хьоьхург цхьаъ ду, ткъа шу цунах теша а тешна. Нагахь оха, Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра денвина бохуш, хьехамаш беш хилча, шух цхьаболчара муха олу веллачуьра денвалар ца хуьлу? Веллачуьра денвалар хуьлуш ца хилча, Дала леррина Къобалвинарг а ма ца хуьлу веллачуьра денвина? Дала леррина Къобалвинарг денвина ца хилча, тхан хьехамаш а эрна хуьлу, шун тешар а хуьлу эрна. Цул сов, оха Делах лаьцна харцтоьшаллаш деш хилар гучудер дара. ХІунда аьлча оха Делах лаьцна тоьшалла дира, Ша леррина Къобалвинарг Цо веллачуьра денвина аьлла. Амма нагахь санна белларш денбийр бацахьара, Цо Иза веллачуьра денван ца тарлора. Нагахь белларш денбеш ца хилча, тІаккха Дала леррина Къобалвинарг а денвина ца хуьлу. Ткъа нагахь Дала леррина Къобалвинарг денвина вацахьара, шун тешар а эрна хир дара, шу а шайн къиношлахь хир дара. ТІаккха, Дала леррина Къобалвинчуьнца а болуш, белларш а ма хуьлу хІаллак? Нагахь Дала леррина Къобалвинчух долу вайн тешар вай кху дуьнен чохь дехаш долччу ханна бен дацахьара, массо а адамал уггаре а декъаза адамаш хир дара вай. Делахь а, беллачарна юкъара болу дуьххьарлера стом санна, Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра ден ма вина. Валар адамехула деана долу дела, веллачуьра денвалар а хуьлу адамехула. Дерриг а адам, Адамца доьзна хиларна, лийриг хиларе терра, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна хиларна дерриг а адам дендийр ду. Амма хІораннан а шен-шен рагІ хир ю. Дала леррина Къобалвинарг денбинчарах дуьххьарлераниг ву. ТІаккха Иза схьавеача, Цуьнан долахь берш а денбийр бу. Цул тІаьхьа, Дала леррина Къобалвинчо стигалара массо а куьйгалхой а, ницкъаш а, олахой а хІаллак а бина, Да волчу Деле паччахьалла дІаделча, дуьненан чаккхе хир ю. ХІунда аьлча Цо паччахьалла дан дезар ду, Дала леррина Къобалвинчун массо а мостагІий Дала Цуьнан когашка охьабахккалц. Ткъа валар уггаре а тІаьххьара мостагІа санна хІаллакдийр ду. ХІунда аьлча, Делан Йозанаша ма-бохху, «Цо массо а хІума Цуьнан когашка охьадиллина». Ткъа вай-м кхета «массо а хІума» Цуьнан когашка охьадиллина бохург, Дела воцург, массо а хІума дуйла. Массо а хІума Дала леррина Къобалвинчун дола дІаделча, КІанта Ша а дІалур ву Делан дола, Шен кара дерриг а делла волу Дела массанхьа а массо а хІуманна тІехь Олахо хилийтархьама. Иштта, белларш денлуш ца хилча, беллачеран дуьхьа шаьш хих чекхдохуьйтучара дийриг хІун ду? Нагахь белларш баккъалла а денбийрг ца хилча, беллачеран дуьхьа шаьш хих стенна чекхбохуьйту цара? Вай а хІора сахьтехь ваьш кхерамечу хьола хІунда хІуьттуьйту? Ва динан вежарий! Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца шу хиларна, сайн долчу дозаллица чІагІо йо ас, со хІора дийнахь леш ву аьлла. Нагахь Эпасехь со адамийн сатийсарца бен «акхаройх» таса ца велча, суна хІун пайда хир бара? Нагахь беллачийн денбар хуьлуш ца хилча, тІаккха: «Юушший, молушший Іей вай, кхана вай лийр долу дела!» Ма Іехалолаш, вежарий! «Вочу накъосто дика амал талхайо». Шаьш хила ма-дезза метта а дуьйлий, къинош леточуьра совца. Ткъа шуна эхь хетийта эр ду ас: шух цхьаболчарна Дела вовза а ца вевза. Цхьаммо хатта тарло: «Белларш муха денбо? Церан дегІ муха хир ду?» – аьлла. ХІай сонтаниг! Ахьа дІадийна хІу дендийр ма дац, иза цкъа ша делча бен. Ахьа лаьттах хІу дІадоьчу хенахь, ялтин хиндолчу куьцехь дІа ма ца доь ялта. Амма дерзина тІедолу хІу дІадоь ахьа, иза муьлхха делахь а, я кІен, я кхечу ялтин. ТІаккха оцу хІух хиндерг, Шена хеттачу куьцехь, Дала Ша кхуллу. Цо хІора а хІуьнан цуьнан шен бен доцу куц кхуллу. ХІора шена чохь са долчу хІуманан дегІ тайп-тайпана ду. Адамийн дегІ шатайпана ду. Дийнатийн дегІ кхечу тайпана ду. ЧІерийн а, олхазарийн а церан шайн бен доцу дегІ ду. Иштта стигалшкахь а, лаьттахь а шатайпана догІмаш хуьлу. Амма стигалшкарчу догІмийн хазалла шатайпана ю, ткъа лаьттарчу догІмийн хазалла кхечу тайпана ю. Малхан шен хазалла ю, ткъа беттан, седарчийн хазалла шатайпана ю. Седарчий а шен-шен хазаллица вовшех къастало. Иштта белларш а хуьлу, уьш денбелча. Лаьттах дІадийна долу дегІ телхина дІадолу, ткъа дендийр долу дегІ телхар дац. Лаьттах а дохуьйтуш, дІадоьчу хенахь дегІ сийсаза хуьлу, ткъа дендечу хенахь иза хазаллех дуьзна хир ду. ДІадоьчу хенахь дегІ эгІаза хуьлу, ткъа дендечу хенахь иза ницкъ болуш хир ду. Кху дуьненахь денделла дегІ дІадуьйш ду, ткъа вукху дуьненна лерина долу дегІ дендийр ду. Нагахь кху дуьненна лерина долу дегІ хилча, вукху дуьненна долу дегІ а хуьлу. Делан Йозанаш тІехь аьлла ма ду: «Дуьххьарлера адам хилла волу Адам, чу са а дуьллуш, денвелира». Ткъа тІаьххьара волу Адам адамаш дендо са ду. Кху дуьнен чу дуьххьара деанарг дендийриг дац. Мелхо а, кху дуьненахь денделларг цкъа хьалха деана ду, ткъа цул тІаьхьа дендийриг деара. Дуьххьарлера адам, поппарх дина а долуш, кху дуьненара ду. ШолгІа адам стигалшкара ду. Кху дуьненара массо а адам лаьттарчу поппарх дина адам санна ду. Амма стигалшна билгалдаьккхина массо а адам Стигалшкарниг санна ду. Лаьттарчу поппарх вина волчун вастехь вай ма-хиллара, стигалшкарчун вастехь а хир ду вай. Динан вежарий! Аса хІара эр ду шуьга: шайна чохь дилха а, цІий а долуш долу вайн догІмаш Делан Олалле кхача йиш яц. Ткъа иштта телхина дІадолург телхар доцучуьнга кхача йиш яц. ЛадогІалаш, къайлаха долу цхьа бакъдерг довзуьйту ас шуна: вай дерриш а лийр дац, амма вай дерриш а хуьйцур ду. Иза хир ду цІеххьана, бІаьрган негІар а тохале, турбано тІаьххьара зурма лекхча. Турбано зурма ма-леккхи, белларш телхар боцучу тайпана ден а бийр бу, ткъа вай хуьйцур а ду. ХІунда аьлча Веза Эла коьртачу маликан озаца а, Делан турба лакхарца а, Ша стигалара охьавуссур ву, ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш а болуш белларш хьалха денлур бу.
Выбор основного перевода