Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха, тІулг а беана, оран бертиг дІакъевлира. Ткъа паччахьо иза шен а, шен уллорчу куьйгалхойн а мухІарш тохарца дІакъевлира, цхьана а стеган Даниалх бина болу сацам хийца йиш ца хилийтархьама. Бакъволчу Делах ца тешачеран хьекъал бІарздина кху дуьненан харцдала, Делан вастехь волчу Дала леррина Къобалвинчун сийлаллех лаьцна болчу хазачу кхоан серло царна ца гайтархьама. Зуламех вуьзна волу и стаг гучуваьлча, иблисо цуьнгахула лелочу ондачу ницкъаца массо а тамашийна харцйолу билгалонаш а, Іаламаташ а гойтуш лелар ву иза. Шаьш кІелхьардохур долу билггал долу бакъдерг безамца тІе ца эцарна а, иза ца дезарна а хІаллакьхуьлуш берш муьлххачу а харцонца лебеш лелар ву иза.
Выбор основного перевода