Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къечу стеган дог дохочо иза Кхоьллинарг ца лору, ткъа гІо оьшучунна гІо дийриг Цуьнан сийдеш ву. Мискачунна дина дика Везачу Элана делла духалург ду, ткъа Везачу Эло иза цунна юхадерзор ду. Царах лахара волчунна а гІо диначунна, иза Сан мурд вуйла а хууш, Аса баккъалла а боху шуьга, цунна шен ял хир ма ю, цо цунна кеда чохь шийла хи бен ца деллехь а». Сан дуьхьа иштта цхьа бер тІеоьцучо Со а оьцу тІе». Ткъа шу Дала леррина Къобалвинчунна тІаьхьа хІиттина долу дела, шуна хин кад луш волчунна, билггала боху Аса, шена догІург дІакхочур ду». Нах базбеш Верг а, базбеш берш а Цхьаннах схьабевлла бу, цундела Цунна эхь ца хета царах вежарий ала. ХІунда аьлча нийса доцург дац Делехь. Цунна дицлур дац шун гІуллакхаш а, аша Цуьнан нахана тохара а, хІинца а гІодарца Цуьнга гайтина болу безам а.
Выбор основного перевода