Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Малончо шен куьг бошхепа тІе хьо, ткъа иза шен бете хьаладаьхьна валале, иза кІадло. Шуна хІоранна а ша тайпа похІма кхаьчна. Вовшийн гІуллакх де цу похІмица, Дала тайп-тайпана диканаш деллачу тешамечу хІусамдас санна. Ткъа иза шеца доцург бІаьрзе ву. Цунна хІумма а гур дац. Цо дицдина хьалхалерчу къинойх ша цІанвар. Цундела, вежарий, кхидІа а хьовсалаш Дала шаьш тІекхайкхар а, харжар а бакъ хилар гайта. Иштта хилахь, цкъа а галдевр дац шу. Иштта карор бу шуна вайн Везачу Элан, КІелхьардохучун, Дала леррина къобалвинчу Іийсан даим йолчу пачхьалкхе кхочу маьрша некъ. Цундела ас иза гуттар а дагахь латтор ду, цунах дерг шуна хаахь а, шайна деллачу бакъдолчунна тІехь шу чІагІдина делахь а.
Выбор основного перевода