Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стигалийн Олалла хІокхунах тера хила мега. Цхьа паччахь шен ялхошкара декхар схьагулдеш хилла. Ткъа стенна бехке во ахьа хьайн динан ваша? Я стенна ца веша хьо хьайн веших? Вай массо а Далла хьалха дІахІитта ма деза, Цуьнга ваьшна кхел яйтархьама. Яздина ма ду: «Дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, боху Везачу Эло, хІора а адам, гора а хІоьттина, Суна хьалха суждане гІур ду, ткъа Со Дела хиларх лаьцна хІора маттахь тоьшалла дийр ду». Иштта, Далла хьалха вайх хІораммо а ша-шех жоп лур ду. ХІунда аьлча вай дерриш а Дала леррина Къобалвинчун кхелана хьалха дІахІитта дезаш ду. Вайх хІораммо а ваьш кху дегІа чохь дехачу хенахь динчуьнга хьаьжжина, дика я вон и делахь, доггІург схьаоьцур ду.
Выбор основного перевода