Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стигалийн Олалла хІокхунах тера хила мега. Цхьа паччахь шен ялхошкара декхар схьагулдеш хилла. Декхар схьагулдан иза волавелча, кхунна тІевалийна цхьа ялхо. Иза итт эзар гали дашо ахча декхарийлахь хилла. Ша дІавахале, шен ялхой схьа а кхайкхина, цаьрга итт дашо ахча а делла, аьлла цо: „Со вухавале, хІара ахча пайда хуьлучу гІуллакхна хьажаде“. Вайна хІоранна а, Дала шена деллачу дикане хьаьжжина, похІма делла. Делера болу хаамаш баран похІма хьайна деллехь, иза дІакхехьа, хьайн долчу тешаре хьаьжжина. Дала хьуна кхечарна гІуллакх даран похІма деллехь, и гІуллакх дІакхехьа. Цо хьуна динан хьехамча хилар деллехь, хьеха. Уллорачун догъэца похІма хьан делахь – догъэца. Хьайн йолчу хІуманийн кхечаьрца дакъа дан похІма хьан делахь, уьш комаьрша дІасаекъа. Куьйгалла дан похІма хьан делахь, доггах куьйгалла де. Къинхетам баран похІма хьан делахь, иза а хазахетарца де.
Выбор основного перевода