Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьа бакъдолчу дахаран некъ суна гайтина, Хьуна уллохь хиларна хазахетарх со вузор ву Ахь, Хьан аьтту агІор со леларна, абаденналц а там суна хуьлуьйту. Шун Веза Дела шуна юкъахь ву, Иза шу кІелхьардоху тІемало ву. Шух сакъералуш воккхавер ву Иза, Шен безамца шу карладохур ду Цо, шух воккха а веш, йиш локхур ю Цо». Эло цуьнга элира: „Хьо дика, тешаме ялхо ву. Дика гІуллакх дина ахьа аса хьайгахь дитинчу кІеззиг долчу ахчанах. ХІинца аса хьуна кхин а доккха гІуллакх тІедожор ду. Чувола, соьца цхьаьна самукъадаккха“. КІезигчу хІуманна тІехь тешаме верг доккхачунна тІехь а тешаме ву, ткъа кІезигчунна тІехь тешаме воцург доккхачунна тІехь а вац. Аса шайна тІедехкинарш аша кхочушдеш хилча, Сан безамехь хир ду шу, Сан Ден безамехь Со хиларе терра, Аса а Сайн Дас тІедехкинарш нийсса кхочушдина дела. ХІара элира Ас шуьга, Сайн хазахетар шуна чохь хилийтархьама а, и шун хазахетар дуьззина хилийтархьама а.
Выбор основного перевода