Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела аша берриг а ницкъ тІебахийта шайн тешар оьздангаллица совдаккхархьама. Ткъа оьздангалла кхетамца совъяккха. Кхетам юхаозадаларца а, юхаозадалар собарца а, собар суьпаллица а совдаккха. Суьпалла вежараллица а, вежаралла безамца а совдаккха. Нагахь и дерриг а, шуьца дан а долуш, алсамдолуш делахь, вайн Веза Эла, Дала леррина къобалвина Іийса вовзарехь кхиам а, стом а боцуш дуьсур дац шу. Со хьо волчу дІакхаччалц, нахана юкъахь Делан Йозанаш а доьшуш, Делан дош дІа а кхайкхош, нахана хьеха а хьоьхуш, дикка хан яккха. Мел хуьлучу таронах пайда эца, хІара зама мекара йолу дела.
Выбор основного перевода