Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Аса массо а хІума цаьргара схьадоккхур ду. Кемсийн таьлланг тІехь цхьа а кемс юьтур яц, инжирийн дитта тІехь цхьа а инжир а юьтур яц, царна тІера гІаш а маргІалдулур ду. Аса царна мел делла долу хІума а кхиболчара схьадоккхур ду», – боху Везачу Эло. Іийсас цаьрга элира: «Шуна делла ду Стигалийн Олаллин къайленаш йовзар, ткъа царна уьш йовзар ца делла. ХІунда аьлча долчунна кхин а тІелур ду, цуьнан дерг кхин а стамлур ду. Ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дІадоккхур ду. ХІунда аьлча долчунна кхин а тІелур ду, ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дІадоккхур ду». Цундела шайна хезачух лаций ойла елаш. ХІунда аьлча долчунна кхин а тІелур ду, ткъа доцучуьнгара шен ду моьттург а дІадоккхур ду». Паччахьо жоп делира: „Ас боху шуьга: долчунна кхин а тІелур ду, ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дІадоккхур ду. Муьлхха а стом ца луш долу Сан га Цо дІахададо. Ткъа стом луш долу муьлхха а га цІандо, алссам стоьмаш хилийта. Къа а хьегна, вай даьккхинарг, аша дайа а ца дойуш, цунах юьззина ял шайна схьаэца хьовсалаш.
Выбор основного перевода