Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан хьехам, догІа санна, охьаоьхур бу, сан къамел, тхи санна, охьадогІур ду, сеналлина тІе догІу дерз санна хир ду, бацана тІе кхевсина догІа санна хир ду. Ацала кхаччалц дІаяьржина йолчу оцу Сан тогІенехула дІадовдур ду шу, яхІудхойн паччахь хиллачу Іузи-ЯхІун деношкахь мохк бегийча шун дай дІабевдда ма-хиллара. ТІаккха сан Веза Дела схьавогІур ву, Цуьнца цхьаьна массо а маликаш а. Адамийн КІант шен Ден сийлаллица, гонах маликаш а долуш, схьавеача, Цо стагана хьакъ дІалур ду, хІораммо а динчуьнга хьаьжжина. Адаман ворхІалгІачу тІаьхьенах волчу ХІаноха а Делера болу хаам бина царах: «Веза Эла ву Шен дагар ца даллал дукха долчу дезачу маликашца вогІуш Толам а баьккхина, Сайн Ден Іаршана уллохь долчу паччахьан гІанта тІе Со охьахааре терра, толам баьккхинчунна бакъо лур ю Ас Сайн Іаршана уллохь долчу паччахьан гІанта тІе охьахаа.
Выбор основного перевода