Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Муха хуьлу тешаме а, кхетаме а волу ялхо? Иза ву вукху ялхошна тІехІоттийнарг, царна шен-шен хенахь яа хІума дІа а луш. Декъал хир ву, шен хьолада цІа веача, цунна иштта лелаш гун волу ялхо. Бакъдерг боху шуьга: хьоладас иза шен берриг а бахамна тІехь куьйгалхо хІоттор ву. КІезигчу хІуманна тІехь тешаме верг доккхачунна тІехь а тешаме ву, ткъа кІезигчунна тІехь тешаме воцург доккхачунна тІехь а вац. Нагахь шу дуьненан хьал гулдеш тешаме ца хиллехь, стигалахь бакъдолу хьал шух хьан тешор ду? Неханиг шух тешна дита мегаш ца хилча, шуниг хьан лур ду шуна? Ткъа, шех теша а тешна, и гІуллакх каракхаьчнарг муьлхха а тешаме хилла каро веза. Дикачун дуьхьа бечу тІамехь ас хьуьнарца тІом а би, и къийсам чекх а баьккхи, сайн тешар а ларди. Делан лаамехь со ваьхна дела, хІинца суна кийча ду толамхочунна догІу таж. Оцу тІедогІун долчу дийнахь нийса Кхелахо волчу Везачу Эло лур ду суна и таж. Со воцучунна а, Іийса кху дуьнен чу схьаваре безамца сатийсиначарна массарна а лур ду Дала иза.
Выбор основного перевода