Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Харц кепара шу лахара хила а деза, аша маликашна Іамал ян а деза бохучо шу Іеха ма дойла, ша дуьйцург шена гиначу суьрташца тІе а чІагІдеш. Цхьа а бахьана доцуш, адамийн кура ойла хуьлу ишттачу стеган. ДегІан Корта болчу Дала леррина Къобалвинчунна тІе ца гІерта иза. И корта бахьана долуш, пхенаша а, меженаша а латтадеш цхьаьнатесна долу и дерриг а дегІ Делан лаамехь хьалакхуьуш ду. Нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца шу, дала а делла, кху дуьнен чохь долчу парзийн а, Іадатийн а долара схьадевлла хилча, хІунда гІерта шу, кху дуьненан долахь долуш санна, «хІокхунах ма хьакхалолаш», «хІара ма яалаш», «кхунах куьг ма Іотталаш» бохучу сацамашна тІе? Диина даьлча, телхина дІадер долчу хІуманех лаьцна дуьйцу оцу хьехамашкахь. Уьш адамаша даьхна парзаш а, хьехамаш а бен дац.
Выбор основного перевода