Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн дай-наний а лара, шайн Везачу Дала шуна лур долчу лаьтта тІехь дехха дахар шун хилийтархьама. Шен дена я нанна неІалт аьлларг вен веза. Иза шен дена я нанна луьйш вара, цундела шен цІий шена тІехь ду цунна. Шайн да а, нана а лара, шайн Везачу Дала тІе-ма-диллара, шайн Везачу Дала шуна луш долчу лаьтта тІехь дехха дахар шун хилийтархьама а, шуна дика хилийтархьама а. Цавашарца дега хьоьжуш волчун бІаьргашна тІе ломъаьрзунаша зІакарш еттар ю, ткъа ненан доладар дІатоттуш волчун бІаьргаш тогІин хьаргІанаша дІакхоллур бу. Ткъа рахбихошка Ярми-ЯхІус элира: «Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Шайн да волчу ЯхІу-Надабе аша ладугІура, цо мел дина весет аша кхочуш а дора, иштта массо а хІуманна тІехь цо ма-аллара шу лелара. И хІума бахьана долуш, – боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло, – Рахбин кІант волчу ЯхІу-Надабан тІаьхьенах гуттаренна а Суна гІуллакх деш волу, милла хилла а, цхьаъ хир ву“». дай-наний а лара, хьайн уллораниг хьо санна веза». Дала тІедехкина гІуллакхаш хьуна хууш ма ду: „Адам а ма де, нахаца а ма лела, къола а ма де, харц тоьшалла а ма де, хІилла а ма леладе, дай-наний а лара“?» Дала тІедехкина гІуллакхаш хьуна хууш ма ду: „Нахаца ма лела, адам ма де, къола ма де, харц тоьшалла ма де, дай-наний лара“?» «Шайн да а, нана а лара» – чІагІо тІетоьхна йолчу весетех хьалхарниг ду иза: Нагахь санна цхьана йисинчу зудчун бераш делахь, я берийн бераш делахь, уггар хьалха шайн доьзалш лара Іамо беза уьш. Шайн дена а, нанна а оьшург латто а деза цара. Далла хазахетарг ду иза. Билггал цхьа йисина Іаш йолу зуда, Делах дегайовхо а йолуш, дийнахь а, буса а доІанаш а деш, сих-сиха Деле гІо доьхуш хуьлу. Ткъа шен дегІана там лоьху йисина зуда, дийна йоллушехь, елла ю. Царна ала хІума ца хилийтархьама, кху хьехамех кхетабе уьш. Нагахь цхьаммо шайчеран, къаьсттина шайн цІерачеран, дола деш дацахь, иза динах а ваьлла, Іесачу стагал а оьшуш ву.
Выбор основного перевода