Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тхьамданаша и халкъ нийсачу новкъахула ца дуьгу, цара дІабуьгурш туьлуьйтуш бу. Делера болу муьлхха а хаам шуна мухІар тоьхна тептар санна хир бу. Оцу тайпанара тептар деша хуучуьнга дІа а лой, олу: «Деша иза», амма цо жоп ло: «Ца дешало соьга, хІунда аьлча и тептар мухІар тоьхна ду». пайхамарша харцхаамаш бо, динан дайша шайна лууш долчуьнца куьйгалла до, ткъа Сан къомана и тайпа долу хІума деза. Амма хІун дийр ду те аша, чаккхе тІекхаьчча?» Къа ду шун, шаьш бІаьрзе а долуш, юьхьлаьцнарш. Аша олу: „Делан цІийнах дуй биъча, хІумма а дац, амма Делан цІа чохь долчу деших дуй биъча, иза кхочушбан беза“. БІаьрзе юьхьлаьцнарш! Шаьш молуш долчу хи чуьра чуьрк дІайоккху аша, амма эмкал дІакхоллу. ТІаккха Іийсас иштта цхьа хьекъале дустар далийра царна: «БІаьрзечуьнга бІаьрзениг дІавигалур вуй? И шиъ ший а ор чу вужур ма ву. Іийсаца хиллачу парушхоша, Цо аьлларг а хезна, элира Цуьнга: «Тхо а ду те бІаьрзе?» БІаьрса доцучарна некъ гойтург хьо хиларх а теша хьо, боданехь болчарна хьайх серло яларх а теша хьо.
Выбор основного перевода