Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дерриг а хьан халкъ, нийсонца а лелаш, абаденналц лаьттан дола деш хир ду. И халкъ Ас доьгІна синтар ду, Сан куьйгийн болх бу, Сан исбаьхьалла хьалаяккха кхоьллина ду. Аса боху шуьга: нагахь санна шун Делан лаамехь хилар парушхойн а, Іелам нехан а чул лакхара ца хилахь, Стигалийн Олалла тІелаца а, Далла уллохь хила а шун йиш хир яц». Муьлхха а стом ца луш долу Сан га Цо дІахададо. Ткъа стом луш долу муьлхха а га цІандо, алссам стоьмаш хилийта. Тхойшиъ цхьаьна Далла гІуллакх дийриг ву, ткъа шу Делан аре а, Цуьнан гІишло а ю. Говзачу гІишлоярхочо санна, аса бух боьттира, Дала сайна деллачу похІме хьаьжжина. Ткъа кхечо цу бух тІехь гІишло йо. Амма хІорра а ша и гІишло муха еш ю хьажа веза.
Выбор основного перевода