Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мекара ду адаман дог, чІогІа телхина а ду иза. Цунна чохь дерг цхьанна а ца хаьа. Амма Веза Эла волу Со цуьнан даг чохь дерг хаа йиш йолуш ву, цуьнан тешар зен йиш йолуш а ву, цу нахана царна доггІург дІадалархьама». Шу, лаьхьанийн тІаьхье! Шун багара муха дер ду диканиг, шу шаьш зене нах хилча? Стеган даг чохь дерг матта тІехь ма хуьлу. Амма Кипас элира: «Ма ала иза соьга, Веза Эла! Ас цкъа а ца йиъна хьарам йолу хІума». ТІаккха озо кхин цкъа а элира: «Дала магийтина хІума хьарам ма хета». Церан къамкъаргаш дІаделладелла $кешнаш санна ю. Шайн меттанашца нах лебо цара. Лаьхьарчийн дІовш ду церан багахь. Церан баганаш сардамех а, стимах а юьзна ю. Нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца шу, дала а делла, кху дуьнен чохь долчу парзийн а, Іадатийн а долара схьадевлла хилча, хІунда гІерта шу, кху дуьненан долахь долуш санна, ТІехьаьжча, иштта парзаш хьекъале ду мотта тарло: цаьрца ду шайн лаамца Іамал яр а, харцкепара шаьш лахара хетар а, шайн догІмашна тІехь ницкъ бар а. Делахь а, цара шайн хьарамчу лаамашна урхалла даре хьаьжжина, цу парзийн цхьа а мах бац. Зуда маре яхар а, стага зуда ялор а, Дала кхоьллина йолу цхьайолу хІуманаш яар а ца магадо шалхо лелочу оцу наха. Іийсах а тешаш, билггал долу бакъдерг девзинчаьрга, Шена хастамаш а бойтуш, яийтархьама, елла Дала и юург. Дала кхоьллинарг дерриг а дика ду. Цхьа а хІума вон дац, Далла хастамаш а беш, иза тІеоьцуш делахь, Цхьаболчара олу: «ЦІена болчарна массо а хІума цІена ду, ткъа къинош летийначарна а, Іийсах ца тешачарна а цхьа а хІума цІена дац». Амма церан ойланаш а, дегнаш а телхина ду.
Выбор основного перевода