Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іийсана и къамел хезча, Цо цецваларца Шена тІаьхьахІоьттинчаьрга элира: «Ас билггал боху шуьга, цу тайпана Делах тешар Суна исраилхошна юкъахь а ца карийна. Іийсас тІеман хьаькаме элира: «Вало, дІагІо, хьо тешаш дерг кхочушхуьлийла». Цо и оллушехь, хьаькаман ялхо товелира. Іийсас, юха а вирзина, и зуда Шена гича, элира: «Доьналла долуш хила, Сан йоІ! Хьан тешаро тойина хьо!» И зуда цу сохьта тоелира. Іийса цІа чу ваьлча, бІаьрзенаш Цунна гергга тІебаьхкира. Цо цаьрга элира: «Шу теший Аса шун бІаьрса юхадоуьйтург хиларх?» Цара элира: «Теша, Веза Эла!» Іийсас элира: «ДІавало, хьан тешаро кІелхьарваьккхи хьо». Цу сохьта бІаьрса а деана, Іийсана тІаьхьахІоьттина некъахула вахара иза. Іийсас цу зудчуьнга кхин а элира: «Хьан тешаро кІелхьаръяьккхина хьо. ДІаяло хьайна маьрша». ТІаккха цу шамранахочуьнга элира Цо: «ХьалагІатта, дІавало. Хьан тешаро цамгарх кІелхьарваьккхи хьо».
Выбор основного перевода