Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мурдаша Цуьнга элира: «Вайгахь йолу шаерг а пхи хьокхаммий, ши чІарий бен яц». Цо, нах бай тІе охьа а ховшийна, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чІарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доІа дира. ТІаккха и хьокхамаш а, чІерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дІакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дІалора. Массара а яа а йиира, уьш буза а буьзира. Цул тІаьхьа, мурдаша тІаьхьайисинчу яа хІуманах шийтта тускар дуьзира. ТІаккха Іийсас хаьттира цаьрга: «Маса бепиг ду шуьгахь? ГІой, хьовсал». Бепиг маса ду а хиъна, цара элира: «Тхоьгахь пхи хьокхам а, ши чІара а бу-кх». ТІаккха, и нах берриш а сийначу бай тІе охьаховшабе аьлла, омра дира Іийсас мурдашка. Уьш, бекъа а белла, бІе а, шовзткъе итт а цхьаьна а болуш, охьахевшира. Ткъа Іийсас и пхи хьокхам, ши чІарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доІа дира. ТІаккха и хьокхамаш дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дІакховдадора Цо. Вукхара и дакъош адамашна дІадийкъира. ТІаккха и ши чІара а массарна бийкъира Цо. Массара а яа а йиира, уьш буза а буьзира. Кхин а дисинчу баьпкан дакъоша а, бисинчу чІеро а шийтта тускар а дуьзира. ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «Аша лур ю царна яа хІума». Векалша жоп делира: «Вайгахь пхи хьокхам, ши чІарий бен бац. ГІой, царна массарна а яа хІума эций оха?» – аьлла. Цигахь гулвелларг пхи эзар гергга стаг вара. Амма Іийсас элира шен мурдашка: «Уьш, бекъа а бекъий, шовзткъе итт-итт стаг волуш тобанашка охьаховшабе», – аьлла. Цуьнан мурдаша Цо ма-баххара массо а охьахаийра. Юха, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чІарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доІа дира Іийсас. ТІаккха и хьокхамаш а, чІерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дІакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дІалора. Массара а яа а йиира, массо а вуза а вуьзира. Цул тІаьхьа Іийсан мурдаша схьагулдина дисина дакъош шийтта тускар дуьззина дара. «Кхузахь цхьа кІант ву, цуьнгахь мекхан демах бина пхи хьокхам а, ши чІара а бу. Амма цунах хІун хир ю кху халкъана?» ТІаккха Іийсас элира: «Охьаховшабе и нах». Иза йоккха меттиг яра, хьалаяьлла дуккха а буц а йолуш. Цу тІе пхи эзар стаг охьахиира. Іийсас, и бепиг схьа а эцна, Далла хастам а бина, мурдашка дІакховдийра, ткъа цара иза охьахевшинчарна дІадийкъира. Иштта царна деззачул чІерий а дийкъира. Нах буьзначул тІаьхьа, Іийсас Шен мурдашка элира: «Йисина юьхкаш схьагулъе, цхьа а хІума эрна ца дайта». ТІаккха и нах яа хІума йиъна бевлча, царах йисина йолу оцу мекхан деман пхеа баьпкан юьхкаш схьа а гулйина, мурдаша шийтта тускар дуьзира.
Выбор основного перевода