Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха бІаьрзечийн бІаьргаш са гуш хир бу, ткъа къорачийн лергаш дІадоьллур ду. АстагІниг, сай санна, кхоссалур ву, мотт сецна волчо, хазахеташ, мохь хьоькхур бу. Хиш яьссачу арахула дІахецалур ду, хин Іовраш эрначу арахула оьхур ю. Цунах лаьцна хабар ерриг Сири-пачхьалкхехула дІадаьржира. Іийса волчу бāлабора тайп-тайпана цамгарш кхетта болу нах: жинаша хьийзош берш а, лазар догІуш берш а, шен дегІан дола ца далуш берш а. Царна массарна а Цо дарба а дора. Харцжинаша йоІ хьийзош йолчу цхьана зудчунна хааделира Іийса вар, оцу сохьта схьа а еана, Цуьнан когашка юьйжира и зуда. Цо элира ваийтинчу шинга: «Ваха а гІой, Яхьъяна дийца кхузахь шаьшшинна гиначух а, хезначух а лаций. БІаьрзечарна бІаьрса ло, астагІнаш нийса дІалела, ца йоьрзуш йолу чкъуран цамгар ерш цІанло цу цамгарх, къорачарна хеза, белларш денло, къечарна хаза кхаъ кхайкхабо. Гуламан цІа чохь куьйгалхо волу Яир веара Іийсана тІе. Гора а воьжна, дийхира цо, шен цІен тІе вагІахьара Хьо аьлла.
Выбор основного перевода