Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаьшшиъ гІала чукхаьчча, иза волчу гІо, цу гу тІехь доккхуш долчу сагІанах кхетархьама дІавахаза хила а мега шуна иза. Схьагулбелла болу нах хІума яа буьйлалур бац, иза схьаваллалц. Цо сагІа даккхар декъалдаллалц, цига кхайкхинчара а ца йоу хІума. Сихло, иза цига дІавахаза хила а мега шуна». Цара хІума юучу хенахь Іийсас, бепиг схьа а эцна, доІанца декъал а дина, декъа а декъна, Шен мурдашка дІа а кховдош, элира: «ДІаэца, даа, иза Сан дегІ ду шуна!» ТІаккха Везачу Эло хастам бина, Дала беркате дина бепиг наха диинчу метте, кхин а хинкеманаш кхечира Тхьабара-гІала олучу меттигера. Дала кхоьллинарг дерриг а дика ду. Цхьа а хІума вон дац, Далла хастамаш а беш, иза тІеоьцуш делахь, хІунда аьлча Делан дашца а, вайн доІанашца а иза Далла хьалха цІанло.
Выбор основного перевода