Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Матфея
Параллельные места
Сулиман кІант хилира РахьбуІам. РахьбуІаман кІант хилира Аби-ЯхІу. Цуьнан кІант хилира Аса. Ткъа Асин кІант ЯхІушапти. ЯхІушаптин кІант хилира ЯхІурам. ЯхІураман хилира кІант Ахьаз-ЯхІу. Ахьаз-ЯхІун хилира кІант Юаш. Юашан кІант хилира Амци-ЯхІу. Іазар-ЯхІу Амци-ЯхІун кІант хилира. Іазар-ЯхІун кІант хилира Йовтам. Йовтаман кІант хилира Ахьаз. Хьузакх-ЯхІу хилира Ахьазан кІант. Хьузакх-ЯхІун кІант Маннаш хилира. Маннашан кІант Амин хилира. Аминан кІант Юши-ЯхІу хилира. ТІаккха Сулим-паччахь, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза шен ден Даудан гІалахь дІавоьллира. Сулиман метта паччахь хилира цуьнан кІант РахьбуІам. ТІаккха РахьбуІам, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза царна уллохь Даудан гІалахь дІавоьллира. Цуьнан ненан цІе НаІмат яра. Иза Іамминхо яра. РахьбуІаман метта цуьнан кІант Аби-ЯхІу дІахІоьттира паччахь хилла. Аби-ЯхІу, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза Даудан гІалахь дІавоьллира. Аби-ЯхІун метта паччахь хилира цуьнан кІант Аса. Махьалатал тІаьхьа Абушаламан йоІ МаІха ялийра шена РахьбуІама. Аби-ЯхІу, Атай, Зиза, Шалумати цІераш йолу кІентий бира МаІхас РахьбуІамна.
От Матфея
Выбор основного перевода