Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Матфея
Параллельные места
Везачу Эло Шамъале элира: «Мел хир ву хьо гІайгІане Аса Исраилан махкахь паччахь ца хилийта Сайна уллора дІатеттина волу Шаул бахьана долуш? Хьайн маІа зайтдаьттанах хьала а юзий, Байтлахам-гІала гІо. Аса цигахь вехаш волу Юшай волчу вохуьйту хьо. Цуьнан кІенташна юкъара Аса Сайна паччахь хаьржина». ТІаккха Шамъала Юшайга хаьттира: «Массо а кІентий кхузахь буй хьан?» Юшайс жоп делира: «Уггар жима кхин цхьаъ ву. Иза хІинца жа дажош ву». Шамъала Юшайга элира: «Цхьаъ вахийтий, иза схьавалавайта. Иза схьаваллалц, вай хІума яа охьаховшур дац». ПІелаштамхоша шайн эскар тІамана схьагулдира. Цара, ЯхІуд-махкарчу Соха-гІалахь схьа а гулбелла, Соханий, Іазекхиний юккъехь йолчу Эпас-Дамимахь меттамотт дІахІоттийра. Цо, и зуда мила ю хьажа, ялхо вахийтира. Ялхочо Дауде элира: «Иза ЭлиІаман йоІ Бат-ШабаІ ю, хьетахо волчу УръяхІун зуда а ю». Дауда шен зудчун Бат-ШабаІан дог ийцира. И йолчу а вахана, Дауд цуьнца дІавижира. Бат-ШабаІа юха а кІант вира Даудана. Цунна Сулим цІе тиллира. Иза Везачу Элана дукхавезавелира,
От Матфея
Выбор основного перевода