Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Матфея
Параллельные места
Амма кІанта куьг юха а даьккхина, хьалха цуьнан ваша велира дуьнен чу. Бер схьаоьцучу зудчо элира: «Хьо муха чекхвели, Парас?!» Цу кІентан цІе Парас тиллира (иза «чекхвалар» бохург ду). Юха куьйга тІехь цІен тай дерг а велира гучу. Цуьнан цІе Зерахь тиллира (иза «сатасар» бохучух тера ду). ХІара ду Исхьакхан тІаьхьенах хилларг. ИбрахІиман кІант вара Исхьакх. Исхьакхан шовзткъа шо кхаьчча, цо Падан-Арама цІе йолчу меттера Ребикха ялийра. Иза арамхо волчу Бетаалан йоІ а, арамхочун Лабанан йиша а яра. Исхьакхан зуда бер ца хуьлуш яра. Амма Исхьакха Везачу Эле шен зудчух лаьцна дехча, Везачу Эло цуьнан доІина жоп а делла, Ребикха доьзалхочух хилира. Цуьнан кийрара бераш кест-кеста тохалора. Везачу Эле, доІа а дина, хаьттира Ребикхас: «ХІара хІун ду соьца хуьлуш дерг?» – аьлла. Везачу Эло жоп делира цунна: «Ши тукхам ду хьан кийрахь, ши халкъ схьадер ду хьох, амма и шиъ декъалур ду. Цхьаъ вукхул онда хир ду, воккхаха верг жимаха волчунна гІуллакх деш хир ву». Хан тІекхаьчча, Ребикхас шала ши кІант вира. Дуьххьарлераниг цІиэн вара, дерриг а дегІа тІехь чоьш а долуш. Цуьнан цІе Іесав тиллира (иза «чоьшдерг» бохучух тера ду). ШолгІаниг дуьнен чу волуш, Іесаван кІажа а лаьцна схьавелира. Цундела цуьнан цІе Якъуб тиллира (и ду «КІажалоцург» бохург). И шиъ винчу хенахь Исхьакхан кхузткъа шо дара. Везачу Эло хьуна цу къоначу зудчуьнгара лун йолу тІаьхье бахьана долуш, Тамарас ЯхІудана винчу Парасан доьзал санна, хуьлийла хьан доьзал». ХІара ю Парасан тІаьхье: Парасан хилира кІант Хьацрани. Хьацранин хилира кІант Рам. Раман хилира кІант Іамминадаб. Іамминадабан хилира кІант Нахьшон. Нахьшонан хилира кІант Салман. Салманан хилира кІант БоІаз. БоІазан хилира кІант Іабади. Іабадин хилира кІант Юшай. Юшаян хилира кІант Дауд. ЯхІудан несо Тамарас ЯхІудана ши кІант винера: Парас, Зерахь. Верриг а пхи кІант вара ЯхІудан. Парасан кІентий бара: Хьацрани, Хьамал. Хьацранина бина кІентий бара: Ярахьмиал, Рам, Килаб.
От Матфея
Выбор основного перевода