Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Матфея
Параллельные места
Нунин кІанта ЮшаІа Шитим цІе йолчу меттера къайлаха ши стаг вахийтира. Цо цаьрга элира: «Ваха а гІой, лаьттах а, къаьсттина Ерихон-гІаланах а долчуьнга хьажа». Рахьаб цІе йолуш, нахаца лелаш йолу цхьа зуда яра Ерихонехь Іаш. Цуьнан цІийне а веана, буьйса йоккхуш сецира и ши стаг. БоІаза и шена йига а йигира, цунах цунна зуда а хилира. И шиъ цхьанакхетча, Везачу Эло иза берах а хилийтира, цо кІант а вира. Лулахоша Іабади аьлла, цІе а тиллинера цунна. «НуІматан кІант ву-кх хІинца», – олура цара. И Іабади Дауд-паччахьан да волчу Юшаян да вара. ХІара ю Парасан тІаьхье: Парасан хилира кІант Хьацрани. Хьацранин хилира кІант Рам. Раман хилира кІант Іамминадаб. Іамминадабан хилира кІант Нахьшон. Нахьшонан хилира кІант Салман. Салманан хилира кІант БоІаз. БоІазан хилира кІант Іабади. Іабадин хилира кІант Юшай. Юшаян хилира кІант Дауд. Рамин хилира кІант Іамминадаб. Іамминадабан хилира кІант Нахьшон, ЯхІудан тайпанан баьчча хилла волу. Нахьшонан хилира кІант Салма. Салмин хилира кІант БоІаз. БоІазан кІант хилира Іабади. Іабадин кІант хилира Юшай. Тешар хиларна, Далла муьтІахь боцучу кхечу нахаца хІаллак ца хилира гІалане хьовса къайлаха баьхкина исраилхой тІелаьцна йолу, нахаца лела Рахьаб.
От Матфея
Выбор основного перевода