Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Матфея
Параллельные места
Массо а ша летийначу къинойх Исраилан халкъ Цо паргІатдоккхур ма ду. Амма бер дина яллалц, цо цунах куьг ца туьйхира. Юсупа цу кІентан цІе Іийса тиллира. Хьо берах хир ю, ахь кІант вийр ву, цуьнан цІе Іийса а туьллур ю ахь. БорхІалгІачу дийнахь кІант хадо везаш вара. Цуьнан цІе Іийса тиллира. И цІе цунна малико, иза ненан кийра а вале, тиллина яра. ШолгІачу дийнахь, шена тІевогІу Іийса а гина, Яхьъяс элира: «Хьажал, ХІара Дала, кху дуьненара адамийн къинош тІе а лаьцна, уьш дІадахьа баийтина Іахар бу. Кхин цхьаьнггахь а кІелхьардовлар дац, хІунда аьлча стигал кІелахь кхин цІе яц адамашна кІелхьардовла елла». Ша аьлла ма-хиллара, Даудан тІаьхьенах волу Іийса кхайкхина Дала Исраилан халкъ кІелхьардаккха. Цундела, сан вежарий, суна лаьа шуна хуийла, тахана Цуьнан дуьхьа шун къиношна гечдар ду шуна кхайкхош дерг. ХІора Іийсах тешаш верг массо а хІуманна тІехь Далла хьалха бакъво, ткъа Муса-пайхамаран хьехамашкахь шун Далла хьалха бакъхила ницкъ бацара. Суна эхь ца хета хаза кхаъ дІакхайкхо, хІунда аьлча и кхаъ Делан ницкъ бу Іийсах мел тешарг кІелхьарваккха – хьалха жуьгтий, тІаьхьа кхечу къаьмнех болу нах а. Цо вайн дуьхьа Шен дахар дІаделла, вай муьлххачу а зуламех паргІатдахархьама а, Шен долахь долу а, дикачунна тІегІиртина долу а халкъ къинойх цІандархьама а.
От Матфея
Выбор основного перевода