Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Матфея
Параллельные места
ХІара ду Адаман тІаьхьенах хиллачун тептар. Дала адам Шен вастехь кхоьллинера. Ас декъалбийр бу хьо декъалвеш берш, неІалт а эр ду хьуна неІалт кхайкхочарна, дуьнен чуьра массо а халкъ хьоьгахула декъал а дийр ду». Хьан тІаьхьенехула дуьнен чуьра дерриг а халкъаш декъала хир ду. И дерриг а хьо Суна муьтІахь хиларна дийр ду Ас хьуна». Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дІакхелхинчул тІаьхьа, Аса меттахІоттор ду хьан хІу, хьан тІаьхьенах цхьаъ паччахь а вина. Цуьнан паччахьалла чІагІдийр ду Аса. Везачу Эло чІагІо йина Даудана, Ша юхавер воцу ваІда дина Цо: «Хьан тІаьхьенах волчу стагана лур ю Аса ахь динчу тайпана паччахьалла дар. Юшайн юьхках зІийдаг хьалаер ю, цуьнан орамех га схьадер ду. Иза сийлахь хир ву, Цунах Веза Воккхачун КІант эр ду. Везачу Дала Цунна Цуьнан ден Даудан паччахьалла лур ду, «Делан Йозанаш тІехь а аьлла дацара Дала леррина Къобалвинарг, Дауд-паччахь схьаваьлла волчу Байтлахам-гІалара а волуш, Даудан хІух хир ву?» Иза пайхамар вара. Дала цунна чІагІо йинера, цуьнан тІаьхьенах стагана паччахьалла лур ду Ша аьлла. Ша аьлла ма-хиллара, Даудан тІаьхьенах волу Іийса кхайкхина Дала Исраилан халкъ кІелхьардаккха. И хаза кхаъ Делан КІантах лаьцна бу, ткъа Иза, Цуьнан адаман сибате хьаьжжина, Даудан хІух схьаваьлла ву. Ткъа Дала, чІагІо еш, элира Ша ИбрахІимна а, цуьнан тІаьхьенах волчунна а лун дерг. Дацара и аьлла: «тІаьхьенах болчарна» бохург дуккханех лаьцна долуш санна, амма цхьаннах лаьцна долуш санна аьллера, «хьан тІаьхьенах волчунна» аьлла. Иза ву Дала леррина Къобалвинарг.
От Матфея
Выбор основного перевода