Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Матфея
Параллельные места
«Исраилхойн хІора хьалха вина кІант а, хьайба а Суна лерина хилийта, уьш Сан ду». Цо кІант вийр ву. Цуьнан цІе Іийса тиллалахь, хІунда аьлча Цо Шен къам къинойх кІелхьардоккхур ду». Хьо берах хир ю, ахь кІант вийр ву, цуьнан цІе Іийса а туьллур ю ахь. Марема кІант вира, шен дуьххьарлера доьзалхо. Цо иза, дІа а хьарчийна, шаьш чохь долчу божалан хьаьвди чу виллира, хІунда аьлча царна хьешан цІа чохь меттигаш ца кхаьчнера. БорхІалгІачу дийнахь кІант хадо везаш вара. Цуьнан цІе Іийса тиллира. И цІе цунна малико, иза ненан кийра а вале, тиллина яра.
От Матфея
Выбор основного перевода