Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Матфея
Параллельные места
Йийсаре дІавигина хиллачу ЯхІу-Яхинан кІентий бара: Шалтаал, Пади-ЯхІун кІентий бара: Зурбабел, ШамаІи. Зурбабелан кІентий бара: Машулим, Хьанан-ЯхІу. Шаламат церан йиша хилла. ЯхІу-Якхама динчу кхидолчу гІуллакхех лаьцна – дегаза долчу хІуманех а, цунна дуьхьал даккха мел карийначу гІуллакхех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн а, яхІудхойн а паччахьийн тептар тІехь. ЯхІу-Якхаман метта паччахь хилла дІахІоьттира цуьнан кІант ЯхІу-Яхин. Динан дай болчу шен гергарчаьрца цхьаьна динан ден ЮцІдукъан кІанта ЮшаІа а, шен гергарчаьрца цхьаьна Шалтаалан кІанта Зурбабела а Исраилан Далла сагІа доккху кхерч бира, цунна тІехь дийнаташ дагоран сагІанаш дахархьама. Цара и кхерч Делан стаг волчу Мусан товрат-хьехамашна тІехь тІе-ма-диллара бина дІахІоттийра. ТІаккха Шалтаалан кІант волу Зурбабел а, ЮцІдукъан кІант волу ЮшаІ а юха а Ярушалаймехь долчу Делан цІен тІехь болх бан волавелира. Царна накъосталла деш Делан пайхамарш а бара.
От Матфея
Выбор основного перевода