Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Матфея
Параллельные места
ИбрахІим къена воллушехь, Сарата, доьзалхочух а хилла, цунна кІант вира. Дерриг а Дала аьллачу хенахь хилира. Сарата винчу кІентан цІе Исхьакх (иза Іебархойн маттахь «диэлар» бохург ду) тиллира ИбрахІима. Амма Дала элира цуьнга: «Са ма гатде хьайн кІантана а, гІарбашна а! Саратна мел луъург де! Хьан тІаьхье Исхьакхах схьабевллачарах лерина хир ю, ХІара ду Исхьакхан тІаьхьенах хилларг. ИбрахІиман кІант вара Исхьакх. Исхьакхан шовзткъа шо кхаьчча, цо Падан-Арама цІе йолчу меттера Ребикха ялийра. Иза арамхо волчу Бетаалан йоІ а, арамхочун Лабанан йиша а яра. Исхьакхан зуда бер ца хуьлуш яра. Амма Исхьакха Везачу Эле шен зудчух лаьцна дехча, Везачу Эло цуьнан доІина жоп а делла, Ребикха доьзалхочух хилира. Цуьнан кийрара бераш кест-кеста тохалора. Везачу Эле, доІа а дина, хаьттира Ребикхас: «ХІара хІун ду соьца хуьлуш дерг?» – аьлла. Везачу Эло жоп делира цунна: «Ши тукхам ду хьан кийрахь, ши халкъ схьадер ду хьох, амма и шиъ декъалур ду. Цхьаъ вукхул онда хир ду, воккхаха верг жимаха волчунна гІуллакх деш хир ву». Хан тІекхаьчча, Ребикхас шала ши кІант вира. Дуьххьарлераниг цІиэн вара, дерриг а дегІа тІехь чоьш а долуш. Цуьнан цІе Іесав тиллира (иза «чоьшдерг» бохучух тера ду). ШолгІаниг дуьнен чу волуш, Іесаван кІажа а лаьцна схьавелира. Цундела цуьнан цІе Якъуб тиллира (и ду «КІажалоцург» бохург). И шиъ винчу хенахь Исхьакхан кхузткъа шо дара. Юха а доьзалхочух а хилла, кхин цхьа кІант вира Леас. Цуьнан цІе ЯхІуд тиллира (иза «хастам» бохург ду). Цо бохура: «ХІинца ас Везачу Элана хастам бийр бу». Цул тІаьхьа кхин бер ца хуьлуш сецира иза. ЯхІуд, хьан вежарша хастор ву хьо, хьан куьг мостагІийн яьІнаш тІехь хир ду. Хьан вежарий хьуна хьалха охьатаьІар бу. Хьо къона лом ду, ЯхІуд. Талла ваханчуьра вогІу хьо, сан кІант. СадаІа лаьтта дижина лом санна ву хьо, мила ваьхьар ву хьуна новкъарло ян? Паччахьан дарж ЯхІудах дер дац, цуьнан тІаьхьенан карахь гуттар а хир ю олалла гойтуш йолу гІаж, иза Шилун-гІала дІакхаччалц а, халкъаш цунна муьтІахь хиллалц а. ИбрахІиман кІант волчу Исхьакхан кІентий бара: Іесав, Исраил.
От Матфея
Выбор основного перевода