Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Геннара хьоьжуш лаьтташ зударий а бара кхузахь: царна юкъахь Магдалера Марем а, жимаха волчу Якъубан а, Юшан а нана Марем а, Шалумат а яра. Ткъа Магдалера Марем а, Юшан нана Марем а Иза дІа мичахьа вуллу хьоьжуш яра. кхин масех зуда а, Цо жинех а, цамгарех а тойина йолу: шена чуьра ворхІ жин схьадаьлла йолу Магдал-юьртара Марем а, Юха Іийсас нахана цхьа хьекъале хІума дийцира: «Цхьана стага кемсаш йийна хилла. Уьш лело белхалошка дІа а елла, дуккха а ханна цІера ваьлла хилла иза. КІийрандийнахь тхо бепиг дохо цхьаьна гулделча, ПахІала къамел дира тхоьца. ШолгІачу дийнахь дІаваха ойла йолуш волу иза буьйса юккъе яххалц Іийра хьехамаш беш. ХІора кІиранан дуьххьарлерчу дийнахь шух хІораммо а, шайна карадеанчу ахчане хьаьжжина, цунах цхьадолу дакъа Іалашде, со дІавеанчу хенахь ахча гулдар оьшуш ца хилийтархьама. Везачу Элана леринчу дийнахь Делан Са суна тІе доьссира, тІаккха сайна тІехьа чІогІа аз хезира суна, турби чуьра схьадолуш санна.
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода