Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Къамел а деш, и шиъ новкъахула вогІучу хенахь, цІеххьана схьаеанчу цІеран гІудалкхо а, цІеран говраша а дІасакъастийра уьш. ТІаккха йилбазмохана юкъахь Эли-ЯхІу стигала хьалавахара. Даккхийдеран аьзнаш айадарца хьалаваьлла Дела, коьман маІа лоькхучохь хьалаваьлла Веза Эла. Даудан назма. Везачу Эло элира хьалдолчу эле: «Суна аьтту агІор охьахаа, Аса Хьан мостагІий хьан когашка охьабахккалц». Нагахь Адамийн КІант Ша хьалха хиллачу юхавоьрзуш шайна гича, хІун хетар ду те шуна? Цкъа, векалш шуьне гул а бина, Цо омра дира цаьрга: «Ярушалайм-гІалара дІа а ма довла, Аса шуна дийцинчу, Дадас шуна лур ду аьллачу дикане сатуьйсуш а хила. ХІунда аьлча Яхьъяс шу хих чекхдехира, ткъа масех де даьлча, шу Делан Синах дузур ду». Мурдаша, гул а белла, хаьттира Іийсага: «Эла, Ахьа Исраилан пачхьалкх юха меттахІоттайо хан тІе ца кхаьчна?» – аьлла. Цо жоп делира: «Дадас Шен бакъонца ехкина хенаш а, денош а хаар шун гІуллакх дац. Амма шуна тІе Делан Са а доьссина, шуьга ницкъ беача, Сан тешаш хир ду шу Ярушалаймехь а, берриг ЯхІуд-махкахь а, Шамранан махкахь а, дуьненан йисте кхаччалц а». Иза а аьлла, церан бІаьргашна хьалха стигала хьалаваьхьна волу Іийса мархи юкъахь кхарна гучуьра къайлавелира. Мурдаш леррина стигала хьоьжуш лаьттара Иза хьалахьочу хенахь. ЦІеххьана царна хьалха кІайн духар тІехь долу ши стаг дІахІоьттира. «Галилай-мехкан бахархой, – элира цара, – шу хІун деш лаьтта, стигала а хьоьжуш? Шу долчуьра Іийса стигала хьалавоккхуш шуна гина ма-хиллара, Иза иштта юха а вогІур ву». Тапа Делан Синах вуьзна вара. Иза стигала хьалахьаьжча, цунна Делан нур а, Далла аьтту агІор лаьтта Іийса а гира. Цундела Делан Йозанаша боху: «Лакхенга хьала а ваьлла, Ша йийсар биначарна хьалхахІоьттира Иза. Адамашна Цо совгІаташ делира». Ткъа «хьалаваьллера» бохург кхин хІун ду, цкъа хьалха лаьтта тІе охьавеанера Иза бохург дацахь? Охьавеанарг а, Шеца массо а хІума дузархьама, массо а стигалел Лакхаваьлларг а Цхьаъ ву. Къийса ца дезаш, динах йовзийтина къайле чІогІа йоккха ю: Иза адаман дегІехь гучуваьккхина, Делан Сино бакъвина, маликашна Иза гина, къаьмнашна юкъахь дІакхайкхийна, дуьненахь адамаш Цунах тешна, сийлаллехь Иза хьалаваьккхина. КІант Делан сийлаллин нур а, Делан билггал долу васт а ду. Шен нуьцкъалчу Дашца дерриг а латтадо Цо. Шегахула адамаш къинойх а цІандина, стигалшкахь Веза Воккхачунна аьтту агІор охьахиина Иза. Маликех хьаьнга а, маца а аьлла Дала: «Охьахаа Суна аьтту агІор, Аса Хьан мостагІий Хьан когашка охьабахккалц»? И дерриге а тамашийначу хиламашца а, билгалонашца а, тайп-тайпанчу ницкъашца а Дала тІе а чІагІдира, Шен лаамца Шен Са дІаса а даржош. Вай дуьйцуш долчунна юкъахь коьртаниг хІара ду: стигалшкахь Веза Воккхачун гІантана аьтту агІор Іаш динан коьрта Да ву вайн.
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода