Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
ТІаккха ТІамига Іийсас элира: «Хьайн пІелг схьа а кховдабай, хьажа Сан куьйгашка, ткъа хьайн куьг Сан агІонах йолчу чевнах чекхдаккха. Ма хила ца тешаш, амма тешаш хила». ХІунда аьлча аса тІеэцна болу а, шуна дІабелла болу а уггар коьрта хьехам иштта бу: Делан Йозанаша ма-аллара, Дала леррина Къобалвинарг вайн къиношна тІера велла. Цундела, Делан Сино ма-аллара: «Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь, дуьхьал ма довлалаш, яьссачу арахь шаьш зуьйчу хенахь хамталла еш ма-хиллара. Делан Йозанашкахь аьлла ду: «Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь, дуьхьал ма довлалаш, яьссачу арахь шаьш зуьйчу хенахь хамталла еш ма-хиллара». Делан аз хезнехь а, хамталла йинарш муьлш бара? Мусас Мисар-махкара массо а арабаьхначарна юкъахь бацара уьш? Хьанна оьгІазвахана вара Дела шовзткъа шарахь? Къинош а летийна, яьссачу арахь шайн даьІахкаш охьаехкинчарна ваханерий те Иза оьгІаз? Ла ца доьгІначарна бен, кхин хьанна дуьхьал аьлла Дала, уьш «синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац»? Иштта вайна го, шайн цатешар бахьана долуш, Дала лучу синтеме уьш кхочург цахилар.
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода