Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
«Амма веллачуьра денвеллачул тІаьхьа Галилай-махка шул хьалха кхочур ву Со». Цул тІаьхьа Тхьабара-хІордан йистехь Іийсас юха а Шен мурдашна гайтира Ша. Иштта гайтира Іийсас Ша цигахь. Цу хенахь ШамІа-Кипа а, ТІама а, шех Шалавинарг олуш волу, Галилай-махкара Кхана-юьртара НатунаІил а, Зевадин кІентий а, Іийсан мурдех волу кхин шиъ а – уьш цхьаьна бара. ШамІа-Кипас элира цаьрга: «Со чІерий леца воьду». Вукхара элира цуьнга: «Тхо а догІу хьоьца». Ара а бевлла, хинкеман чу хевшира уьш, амма цу буса цара хІумма а ца лецира. Ткъа Іуьйре тІейогІучу хенахь Іийса бердан йисте дІахІоьттира, амма мурдашна ца хаьара, Иза Іийса вуйла. Іийсас элира цаьрга: «ДоттагІий, чІерий дуй шуьгахь?» Цара жоп делира: «Дац», – аьлла. Ткъа Іийсас элира цаьрга: «Шайн чІерий лоцу бой хинкеманан аьтту агІор чутаса, тІаккха карор ду шуна чІерий». Цара бой чутесира, тІаккха чІерий тІех дукха лаьцна хиларна, и бой хьала ца яккхалора цаьрга. ТІаккха Іийсана къаьсттина дукха везна волчу мурдо Кипе элира: «ХІара Веза Эла ву». Ткъа ШамІа-Кипа, иза Веза Эла ву аьлла шена хезча, шен коч юкъах а йихкина, ша гІодаюккъалц верзина волу дела, сихха хи чу иккхира. Ткъа важа мурдаш, хинкеманна тІехь, шайна тІаьхьа чІерашца йолу бой а текхош, хІордан йисте кхечира, уьш болчуьра хІордан йисте кхача, ши бІе дол хиллал бен юкъ йоцу дела. Мурдашна, хинкеманна тІера шаьш лаьтта охьабиссича, йогуш кІоран алу а йолуш, цунна тІехь чІерий а, юххехь бепиг а гира. Іийсас элира цаьрга: «Шаьш хІинца лаьцначу чІерех цхьадерш схьада кхуза». ШамІа-Кипас, хинкеман чу ваьлла, шена чохь юьззина даккхий чІерий долу бой хІорд чуьра лаьтта схьаозийра. Берриг а чІара бІе шовзткъе кхойтта бара. Уьш оццул дукха доллушехь, чІерий лоцу бой ца етІира. Іийсас элира цаьрга: «Схьадуьйла, хІума яа шайна». Ткъа мурдех цхьа а ца ваьхьара Цуьнга хатта: «Хьо мила ву?» Мурдашна хаьара, Иза Веза Эла вуйла. Іийсас, тІе а вахана, бепиг схьа а эцна, мурдашка дІаделира, тІаккха чІара а дІакховдийра. Веллачуьра денвеллачул тІаьхьа Іийсас иштта кхозлагІа а Шен мурдашна гайтира Ша. Уьш яа хІума йиина бевлча, ШамІа-Кипе Іийсас элира: «Яхьъян кІант ШамІа! Царначул сов кІорггера везий те хьуна Со?» Кипас элира: «ХІаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий». ТІаккха Іийсас элира Кипе: «Сан Іахарий дажаде ахьа». ТІаккха юха шозлагІа а элира Іийсас Кипе: «Яхьъян кІант ШамІа, кІорггера везий те хьуна Со?» Кипас жоп делира: «ХІаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий». Іийсас элира цуьнга: «Сан уьстагІийн Іу хила хьо». КхозлагІа а элира Іийсас: «Яхьъян кІант ШамІа, везий те хьуна Со?» Кипина халахийтира, шега Іийсас кхозлагІа а хаьттича: «Везий те хьуна Со?» – аьлла. ТІаккха Кипас элира Цуьнга: «Веза Эла, Хьуна дерриг хаьа. Хьуна хаьа, суна Хьо везий». Іийсас элира Кипе: «Сан уьстагІий дажаде ахьа. Бакъдерг боху Ас хьоьга, хьо къона волчу хенахь, айхьа-хьайн юкъ йоьхкий, хьайна луъучу метте воьдура хьо. Ткъа хьо къанвелча, хьайн куьйгаш дІа а кховдийна, кхечуьнга хьайн юкъ йоьхкуьйтур ю ахьа, хьуна ца луъучу а вуьгур ву хьо». Иштта элира Іийсас Кипе, цо мухачу Іожаллица Дела вазвийр ву дІахоуьйтуш. ТІаккха и аьлла, Іийсас кхин а тІетуьйхира: «Суна тІаьхьахІотта хьо». Кипа юхахьаьжча, цунна гира шена тІаьхьавогІу, Іийсана къаьсттина везна волу мурд. (Езачу суьйренан пхьор дуучу хенахь, Іийсан некха тІе а таьІна Іийна волу а, Цуьнга: «Веза Эла, мила ву Хьуна ямартло ен верг?» – аьлла волу а мурд вара иза.) Иштта, и мурд гина, Кипас элира Іийсага: «Веза Эла, ткъа кхунах хІун хир ду?» Іийсас элира Кипе: «Нагахь Суна, Со юхаваллалц, иза дуьненахь виса лууш хилча, хьан хІун бала бу цуьнца? Хьо Суна тІаьхьахІотта». Иштта даьржира динан вежаршна юкъахь и «мурд лийр вац» аьлла дешнаш. Ткъа Іийсас иза лийр вац ца аьллера. Іийсас аьллера: «Нагахь Суна, Со юхаваллалц, иза дуьненахь виса лиъча, хьан хІун бала бу цуьнца?»
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода