Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Дукха нах лебеш, дуккха а харцпайхамарш юкъабевр бу. Иштта, даха а гІой, Ден, КІентан, Делан Синан цІарах массо а халкъаш хих чекхдаха, Ткъа хьалха хаза кхаъ массо а къаьмнашна дІакхачо беза. Малико элира цаьрга: «Кхера ма лолаш! Со шуьга массо а адам даккхийден долу хаза кхаъ бахьаш деана! Тахана Даудан гІалахь дуьнен чу ваьлла шу кІелхьардохург, Веза Эла волу Дала леррина Къобалвинарг. Дала кхоьллина мел долу хІума сатийсарца ладоьгІуш ду, Делан бераш муьлханаш ду шайна дІаделладаларе. Иза иштта хир а ду, нагахь санна шайн тешар тІехь шеконаш а йоцуш, чІагІ а делла, шу латтахь а, шайна хезначу хазачу кхоо луш болчу сатийсамах аша шаьш дІа ца хадийтахь а. Стигал кІел болчу массаьрга а дІахазийтинчу оцу хазачу кхоан ялхо хилира сох, ПахІалах. ТІаккха суна стигална юккъехула тІемадаьлла доьду кхин а цхьа малик гира. Цуьнгахь даим болу хаза кхаъ бара, иза Лаьттахь бехаш болчу массарна а баийтина бара, хІора къомана а, тайпанна а, маттана а, халкъана а дІакхайкхорхьама.
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода