Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Делан Синах а буьзна, Цо шайна деллачу похІмица тайп-тайпана меттанаш дийца буьйлабелира векалш. (жуьгтий а, жуьгтийн дин керла тІеэцнарш а), Крит-гІайренан бахархой а, Іаьрбихой а. Ткъа вайна массарна а хеза вешан меттанашкахь цара Делан сийлахьчу гІуллакхех лаьцна дуьйцуш!» ХІинца а, Веза Эла, хьажахьа цара туьйсучу кхераме. Тхуна, Хьайн ялхошна, ницкъ лохьа ерриге а майраллица Хьан дош кхайкхо, ткъа Ахьа Хьайн Везачу Ялхочун Іийсан цІарах дарба дан а, тамашийна хІуманаш а, инзаре гІуллакхаш а гайта а кховдадо Хьайн куьг!» Цара доІа чекхдаьккхича, уьш лаьтташ болу меттиг егийра, цу сохьта берриш а Делан Синах буьзира. Цул тІаьхьа цара майрра кхайкхадора Делан дош. Дала векалшкахула нахана дуккха а тамашийна билгалонаш а, инзаре хІуманаш а гойтура. Массо а, цхьа барт а болуш, Сулим-паччахьан цІарах йолчу меттехь гуллора. Хьанас, дІа а вахана, шега аьлла цІа схьа а карийна, цу чу вахара. Цо, Шаулан бІаьргаш тІе куьйгаш а дехкина, элира: «Ваша Шаул, хьо кхуза вогІуш, хьуна новкъахь гучуваьллачу Везачу Эло Іийсас ваийтина со, хьуна юха а са гайтархьама а, хьо Делан Синах вуьзна хилийтархьама а». Цо хІора дийнахь беттара и мохь. Эххар а, собар кхача а дина, ПахІала, юха а вирзина, элира жине: «Дала леррина къобалвинчу Іийсан олаллин цІарах ас омра до хьоьга: арадала цунна чуьра!» Цу сохьта жин йоІанна чуьра араделира.
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода