Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Ткъа Іийсас элира: «Зуда ялош волчун накъостий гІайгІане хуьлий, иза шайна юкъахь мел ву? Амма тІедогІур ду зуда ялош верг кхарна юккъера дІавуьгун волу цхьа де. ТІаккха хир бу уьш гІайгІане, марха кхаба а болалур бу. ТІаккха дагадеара Кипина Іийсас аьлларг: «НІаьна кхайкхале, ахьа кхузза Со дІатосур ву». Иза, кертара ара а ваьлла, доггах вилхира. ХІеттахь шозлагІа а нІаьна кхайкхира. ТІаккха дагадеара Кипина Іийсас шега аьлларг: «НІаьна шозза кхайкхале, ахь кхузза дІатосур ву Со». Кипа доггах вилхира. Амма Аса шайга и дІахаийтарна, шун дегнаш гІайгІанах дуьзна ду. Баккъалла боху Ас шуьга: Шу узарш деш а, доьлхуш а хир ду, ткъа дуьненна хазахетар ду. Шу халахетта хир ду, амма шун халахетар хазахетаре доьрзур ду. Бер деш йолу зуда хуьлу гІайгІане, шен бер до хан тІекхаьчна дела, ткъа шен бер хилла даьлча, хазахетарна и гІайгІа йицло цунна, ша адам дуьнен чу даккхарна. Иштта шу а хІинца гІайгІане ду, амма Суна юха гур ду шу, тІаккха хазахетар хир ду шун дегнашна. И шун хазахетар цхьаммо а дІадоккхур дац шуьгара.
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода