Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Шен ялхошка-лоьрашка ден дакъа талха ца талхийта, молханаш а тохий, кечде аьлла, омра дира цо. Лоьраша иза кечдира. Со дІаволларна хьалххе кечам би цо, шега далург деш. Геннара хьоьжуш лаьтташ зударий а бара кхузахь: царна юкъахь Магдалера Марем а, жимаха волчу Якъубан а, Юшан а нана Марем а, Шалумат а яра. Цара, цІа а баьхкина, хаза хьожа йогІу даьтта а, хьакхарш а кечдира. Шайна тІедиллина ма-хиллара, Далла леринчу шоьтан дийнахь садаьІира цара. Хьалха, буьйсанна Іийса волчу а оьхуш, Цуьнца къамел дина волу Нукха-Деми веара Юсупца цига. Нукха-Демис шеца кхузткъе итт герка гергга хаза хьожа йогІу деза хьакхарш а, сарап олу молха а, цхьаьна а тоьхна, схьадеанера.
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода